Schriftgrösse wählen:

Мараша

Мараша дог1ийла Венийн кхиъна нахана лерина высши образованийн центрашка!

Die Wiener Volkshochschulen (VHS) (Венийн кхиъна нахан лерина высши образованийн центраш) ю Австрийн мехкан кхиъна нахан лерина высши образовани луш йолу уггар йоккха центр. Цо д1ахьо ше болх 50 меттигашкахь еррига Венехь. Кхиъна нахан лерина йолу16 центр, 8 говзалле йерзийна институташ, т1аккха  14 мероприятийн меттигаш доккха дакъа лоца Венийн бахархойша цхьана хиларна хьокъехь долу г1уллакхехь. Кхиъна нахан лерина высши образованийн центрийн 1алашо ю образовани аттанца д1акхачо массо а нахан. Цундела VHS центрера курсашка лела магийна хьан муьлха а хьалха яккхана образовани, социальни статус, я хьалхара белхан опыт хилар бен д1а а доцуш.

Кхиъна нахан лерина йолу16 центран программашкахь хьуна карийра ю 20.000 сов курсаш а, семинарш а, тренингаш а. Уьш д1ахьо тайп-тайпара декъашкахь х1ора шарахь. Х1орш ду иза декъаш:

Метташ

Юьхьанцара образовани. Высши образованийн т1едитар

Экономика. Ше-кхиар

Информационни технологиш. Мультимедийни технологиш

1алам. Гонахе

Исбаьхьалла. Культура

Политика. Юкъаралла

Могушалла. Физически упражнени

Бераш. Дай-наной

8 говзалле йерзийна институташ хьоьху х1окху дакъашка боьзна болу шайн говза хаамаш: экологи, шозлаг1а переработка, маьлхан дуьненийн 1илма (астрономи), феминизм, исбаьхьалла, кинематографи, жуьгтийн культура, т1аккха Австрийн кхиъна болу нахан лерина образованийн истори.

Тайп-тайпара барамера 14 мероприятийн меттигаш ю 80-700 нах чулаца чоьнаш а йолуш, масала, культурни мероприятишна а, дискуссишна а, конференцишна а лерина чоьнаш. Кхиъна нахан лерина йолу высши образованийн центраша пайда оьцу оцу чоьнашчохь образовательни мероприятиш д1аяхьарца. Билггал неха а, предприятиш а йиша ю иза чоьнаш аренде эца шайн 1алашонга хьаьжна.

Венийн кхиъна нахан лерина высши образовани луш йолу центрийн дешаран программийн бух бу говза хилар а, методологически тайп-тайпаналла а, эффективни г1о дакхар а. Венехь 1аш а, болх беш а болу нах  1алашонан тоба ю. Кхи д1а, оцу тобан юкъе йоьду пачхьалкхан учреждениш а, ассоциациш а, предприятиш а. Венийн кхиъна нахан лерина высши образовании луш йолу центро ахча схьахоьцу Вена г1алар бюджетаца а, курсаша дакъа лацархойша лучу ахчаца а . Кхи д1а болу клиенташ бу Австрийн Образованийн Министерство, Европин Социальни Фонд, Австрийн Юкъараллин Мукъа Цахиларан Служба (AMS), иштта кхи д1а учреждениш а.

Венийн кхиъна нахан лерина высши образовани луш йолу центраша лардо нийса а, бакъ а юкъаралла хилар г1уллакх – массо а нехан йиша хила еза образовани кхачар, х1унда аьлча, оцу образованица церан йиша ю шайн йуьззан нуьцкъалла кхиъйа а, юкъараллехь жигара дакъа лаца а.

Шен мультилингвизмах а, высши образованийн т1едитарх а пайда оьцуш, мультилингвистичечки образованис а, коммуникацис а Венер бахархой схьаийна хуьлийта. Мультилингвизманца тап-тайпаналла а, ладалар а, машар а хуьлу. Иза бахьан долаш, оха г1о до метташ а, интеграционни политикан а мел доьзна г1уллакхан т1ехь.

Цундела, хьуна карийра ю х1ара текст Венехь 25 уггар дукха буьйцучу метташка гоч йина. Тхуна лаьъа иза метташ уггаре гуш а, пайдане а хила. Иштта цундела лаьъа тхуна тхайг далуш дерг дан цигахь 1аш мел волчунна образованийн парг1ат т1евитар г1уллакхан т1ехь.

Хьан йиша ют тхан курсашха лаьцна еша немцой маттахь а, т1аккха цхьацдолу х1ума энгалс а, туркойн а, боснийн/хорватийн/сербийн а метташкахь тхан интернет-аг1онца, www.vhs.at.

Download PDF